| Главная » Статьи » Даймохк » Гимны | [ Добавить статью ] |
|
Вай Дела лаамца мохк паргlат бокхур бу, Сиййлалла вай йазъеш, къам сама доккхур ду. Вай-неха хlусмашка ирс-беркат дерзор ду, Балеха, боданах доьзал вай ларбийр бу. Ла-Илахlа – Илла-Лахlа! Вай кхечу къаьмнашца барт, марзо лохур ю, Баланаш, гlайгlанаш вай цаьрца йоькъур ю. Вай неха доьналла дуьнено даздийр ду. Къизалла, зулам а махкаха доккхур ду. Ла-Илахlа – Илла-Лахlа! Дай-наной баккхийбеш вай тlаьхье кхеор ю. Кхане вай ларйар тlехь, дахар дlахlоттор ду. Сийдолчу вай Далла лерам беш дехар ду, Пусар деш, масална, барт болуш кхоьар ду. Ла-Илахlа – Илла-Лахlа! Вайн лаьмнийн lаламаш, шовданаш цlанлур ду. Акхарой, олхазарш шайн беша доьрзар ду. Дала вайна белла мохк сийлахь вай тобийр бу И реза хилийта, вай тоба дийра ду. Ла-Илахlа – Илла-Лахlа! Lилманца, хьекъалца вай кхуьуш гlура ду. Ийманца халкъ кхеош паргlате кхочур ду. Ларъелаш кхане вайн машарца, махкахой. Брат-марзо чагlйелаш, Вай-неха къонахой. Ла-Илахlа – Илла-Лахlа! Слова: А. Келиматова Музыка: А. Димаева | |
| Просмотров: 560 | Теги: | Рейтинг: 0.0/0 |
| Всего комментариев: 0 | |